Меню Рубрики

Смешные сценки на чеченском языке

-Х1ара ма тамашина свадьба ю, цхьа г1ара-тата йоцуш! Желтые тюльпаны, вестники разлуки.

-Ва алейкум ассалам!

-Ты все еще стучишь?

-Стучать деш ву-кх хьо!Со вота етташ ву. Ахь х1ун до гладильни доска эцна, ц1ахь иту хьакха ца ларийна хьо?

-Иту хьакха деана дац х1ара. Селхана свадьбехь сан синтезатор подставка йиц ян езаш ца хиллера!

-Вай со вала вела! Мичахь ву и вайн солист? И-м ца вицвина вай селхана свадьбехь?

-Д1авалахь вицвичи ма сиха юха кхуссара вара цара иза, вовза ма веввзи!

-И бохуш, шен сольни карьера йоличи эхь доцуш ву иза вайшиъ кхосса кхоьссана!

-Кхерам бац хьуна цо х1ара флешка соьхь мел ду цо йиш лакхарна!

-И-м хьаьнниг т1е йилчи, бага г1еттош, д1а лакхара цо!

-Ва 1алейкум ассалам!

-Схадаьхкни шу, цкъа ца даьхкинчу кепара ма сиха схьадаьхкина шу?

-Тхо схьа даьхкина дукха хан ю!

-Ты, когда перестанешь опаздывать алахь цулле а?

-Звезды не опаздывают, звезды задерживаются!Х1ара нах цхьа реза боцуш сана мА хетта суна, х1окхаьрга х1умма ала-м ца аьлла аш?

-Тхойшиъа-м ца ларийна цаьрга х1умма ала.

-Давай, т1акх схьа алал хьай, объявляй!

-Дамы эн джентелмены! Вас приветствует вокально-инструментальный ансамбль «Г1ийла г1аз»

-Хьай садала хьан! Нийса ала иза!

-Ассаламу алейкум!Суьйре дика хьлда шун! (вукха шимма т1аьхьара олу) Шуьшиъ д1а ца соца!

-Со-м спецэффекташ еш ма ву.

-Ма ехьа спецэффекташ, х1орш кхеташ ца хилча. Суьйре дика хьлда шун, хьоме хьеший. Тхуна ч1ог1а хазахета тхо аша х1окха хазчу тойне кхайкхарна. А-а-а, вай муьлхачу юьртахь дара?

-Шай г1ийла юьрта кхайкхана, аьлча а шайн шийла юьрта кхайкхана ч1ог1а хаза хета.

-Шийла яц иза г1ийла ю, г1ийла!

Г1ийла юьрта кхайкхана. Ткъа тховса оха шун, Даламукълахь, самукъа доккхара ду.

— А-а-а, вай невцан ц1е х1у яра-а?

-Суна х1у хаьа иза, са-м вац иза нуц.

-Х1ун ю вай невцан ц1е?

-Со-м ца ларийна хата х1умма а.

-Короче, зять, Дала барт цхьаъ бойла шун!Дала т1аьхье беркате йойла!Хьан нускал тишлуш, хьо хазлуш…

-Э-э-э! не туда гонишь.

-Короче, Дала т1аьхье беркате йойла!Х1ара иллин совг1ат хьуна лерина ду,шун! Давай начинаем, хьалалатае и вай.

-Сабар делахь…аппаратура хьалалеташ ма яц.

— Хьалалатае элара ас. Х1ай-х1ай, мичахь ю вай бэк вокал?

-Зина маре яхана, Сацита мамас ца яитара!

-Ялал, ялал ара хьо, гайтал сунна тахана хьо

Хьоьга хьажа веана со, безам хьоьга д1акхайкхо.

Бушкара, Бушкара мел хаза ю, сунна хьо дукхаезаш ю.

Тховса араяла хьо, сайна лачкъо воллу со.

Бушта-бу-бушта-а-а! суна дукхеза, сунна хьо хазахета!

Бушта-бу-бушта-а-а! суна дукхеза, су-у-на хьо дукхеза!

Бушта-бу-бушта-а-а! хьоме Бушта-а! хьоме Бушта-а!

-Х1ай-х1ай, давай, давай!

Дуьххьара евзаш,эхь доцуш яра, хаза жима Бушта.

1аьржа, 1аьржа б1аьргаш детташ, суна эхь доцуш ю мота.

Ва, мА ч1ог1а езна хила хаза жима Бушта,

Цу Москвахь хьо вахьахиъна, жима дог сан д1алаьцна.

Бушта-бу-бушта-а-а! суна дукхеза, сунна хьо хазахета!

Бушта-бу-бушта-а-а! суна дукхеза, су-у-на хьо дукхеза!

Бушта-бу-бушта-а-а! хьоме Бушта-а! хьоме Бушта-а-а!

Кийрара, кийрара жима дог ч1ог1а сиха деттало,

Дийнахь буса хьо цхьаъ йоьхуш, цо со къиза хьийзаво-о-о!

Цундела боху хьоьга ас, ара яла тховса хьо-о.

Хьо д1айига веана со, сайн дог хьоьга д1акхайкхо-о.

Бушта-бу-бушта-а-а! суна дукхеза, сунна хьо хазахета!

Бушта-бу-бушта-а-а! суна дукхеза, су-у-на хьо дукхеза!

Бушта-бу-бушта-а-а! хьоме Бушта-а! хьоме Бушта-а-а!

Хьуна-м х1инца моьттуш хира ду, ишта хаза хьо цхьаъ ю

-вынужден тебя я огорчить, дуьхьана,

-хьоьлла хаза со ма ву.

Хьай мамега ахь иштта д1аала

«Вай, мама дог 1ийжадао, цхьа хаза к1ант сунна карийна, со цуьнга д1айоьдуш ю-ю-ю»

Бушта-бу-бушта-а-а! суна дукхеза, сунна хьо хазахета!

Бушта-бу-бушта-а-а! суна дукхеза, су-у-на хьо дукхеза!

Бушта-бу-бушта-а-а! хьоме Бушта-а! хьоме Бушта-а-а!

-Оффай! Х1ара шаверг, цец ваьлла 1аш ма ву, вай х1ун леладо дан мукъана?

-Вайн эшаран совг1ат хаза ца хетта теша х1окхарана?

Хаза хетта дера-м. Ца го хьуна ша вверг 1ада а вина схьахьожуш 1аш.

Шек д1а мА довла шу, шийла юьртахой, оха х1ара шийла юьрт х1инцца йохйийр шу тхайн эшарашца, иллешца, хелхаршца! Давай, хьалалатае вайн поппури!

( песня гр.Ранни «Слышишь,Лайла»)

Д1айолало Макка Межиеви эшар.

-Х1ара х1у ду-у.Д1аяйа. Миччах икхна схьа-м оьккху Макка!

-1але-е-е, мА доккха х1ума ду хьо! Х1акха вай лелочух самукъа долуш вай бен цхьа вуй-те?

-Хьокхера самукъа далале-м къемат шо даг1ахьара.Х1ума яа олуш цха ма вац х1оккхехь.

-Дера х1ети, дукха эшарш ликхана, х1ара йоьхьаш позвоночниках хьаьрчана са-м мацалла.

-Дера ахьа в живую локхуш хиллехь-м хьо мацалла вела хира вара!

-Юарг стена йуьйца аш! Вахьахаа г1ант дац кхузахь-м!

-Х1аанне! Х1е х1окха свадьби да хьо волш сана 1аш ма ву хьо? Хийцалуш 1ийча х1у дара теша х1окхара кхин г1ант луш ца хилча

-Аса сана, хьайна даита дезаш хиллера хьавог1ушнехь. Собара дайша х1ара г1ант ца ларадеш шуьшиъ халаха валий, цхьаъ д1айолаейша х1ара движении.

-1але-е-е-е, и селхана свадьбехь яц, чена к1ур яра-кх. Цигара зудберш лелийнарг гири шуна?

-Д1авала цига-м цхьаа юкъа текхо оьшуш дацара, очередь кочуьйтуш яцара-кх.

-Дамы приглашают кавалеров дара цигахь дерг.

-Дера х1ете, дамы приглашают кавалеров муха ца хуьла, соьца хелха яьлларг ца гира шуна?

-Х1а дийцахь, дийцахь.

-К1ентий, аса шоьга цхьа х1ума эра ду, свадьбехь йиъ категории хуьлу зудбераш

-Муха йиъ категории?

-Иштта.Первый ктегори эхь хетш берш.

-Ловзар до аьлча тр-р-р-р оле д1ах1иттабо зудберш,наной шайнаш эхь хеташ берш схьатекхабо, понимаешь, схьатекхабо. Д1ахьутте лаьтташ хуьла, йо1 йуха яла г1орта, нанас юкъаийзайо, цул ч1ог1а юкъайийзайо,юккъе озийначул т1аьхьа х1арасс олий,йодий иза эхь хетий д1айолу. И угара г1оли ерг ю.Иштанаш атта кхочаш бац хьуна

Ткъа шолг1а категории х1ун ю?

— Шолг1а категории соьца цу ловзаргахь хелха яьлларг ю-кх.

-Х1а-х1а.Догайог1у.Цхьа эхь доцуш.

-Ва-а-а-й! Т1къа третий категории х1ун ю?

— Третий категорий, ша шеца хелхайолуш ерг ю-кх.

-Лаьтташ хуьлу, ша юкъаяккхаре сатуьйсуш лаьтташ хуьла-кхи иза. Ахьа юккъе яла аьллачул т1ехьа, х1а-х1а-х1а олий гойти, гойти, д1абараст олий д1айолалой иза. Юха хьовза йолалой иза, хьовза йолалой. Шена хилларг х1у ду ца хууш, б1агора хьоьвзе юьстах йолу. Дика д1а-схьа хьаьжча, б1агор д1абаьллачул т1аьхьа к1ентршна юккъехь лаьтташ хуьлу. «Вай, бехк мА биллалш» олий т1аккха д1айоьду.

-А-а! Четвертый ктегори?

— Четвертый ктегори угара опасныйнаг ю.

-И муха хуьлу? Дийцахь.

-И-м къаьхьа де ду, д1авала, д1авала.

-Х1е, х1е, к1ентий, д1о цхьаъ ву-кх вайга куьг лестош.

-Дала диканна дойла вайн делар.

-К1ентий, к1ентий, д1о цхьаъ ву-кх вайга куьг лестош.

-И-м явно ахча дала г1ерташ ву-хьуна!

-Х1е-е, эшарш ликхнарг со ву ахча аса схьаэца деза.

-Везана Дела, ВоккханаДела, шортта далийта ахь!

(цхьанна лере воьду)

-К1ентий, вайга меллаша хьалаг1овтте, кхузара т1ета1ае боху.

-Вай дахка дезаш долу адрес х1у дара?

-Переулок Чапаева 13.

-Вай х1у дан далийна ахь кхуза. Со ву х1ара нах ма дог ца дог1уш бу, д1ахьалхавала. Х1ара-м екъ ц1ена юьхь1аьржо ю.

Сценарий ко Дню чеченского языка

Сценари нохчийн меттан Денна лерина

(Воккха стаг а, к1ант а ву сцени т1ехь)

К1ант: Дада, воо Дада, вайн нохчийн мотт даимна хир буй дуьнент1ехь?

Воккха стаг: Хир бу. Цхьана нохчочун дег1ехь са мел ду, пхенашкахь кхехкаш ц1ий мел ду, нохчийн мотт даимна бехар бу!

Воккха стаг: К1ант, суна хаьа, хьан жимачу кхетамехь, хийла хаттарш дуйла маттах доьзна… Хаьа хьан дуьнене хьежар-нохчийн хьаьркех чекхдуьйли, хьан дахаран къона некъаш нохчийн меттан пхенашкахь гездеш дуйла. К1ант, хьо шек ма вала хьо, яхь йолу к1ентий дуьненчохь мел бу, нохчийн мотт даимна дебаш бехар бу хьуна.

К1ант: Ма дика ду и, дада! Б1ешерашкахь бехийла вайн нохчийн мотт!

Со вина Кавказан ломахь,

Къоьжачу баххьашна юккъехь,

Аьрзунийн баннашна лулахь

Нанас со техкийна берахь

Цигахь со набарна товжош,

Цо олу аганан илли

Декара дог хьостуш, довха,

Сан нохчийн маттара илли

2007-чу шеран 25-чу апрелехь Нохчийн республикан Президента Кадыров Рамзана, куьг яздеш, ч1аг1дина «Нохчийн республикехь меттанийн хьокъехь» Закон. Закон т1еэцна де 25-г1а апрель Нохчийн меттан аьлла д1акхайкхина ду.

Хьоме дешархой, хьехархой, хьеший! 25-чу апрелехь вайн республикехь билгалдаккха лерина Ду Нохчийн меттан Де.

Нохчийн республикан куьйгалхочо Кадыров Рамзана оцу Указаца гайтина нохчийн маттаца шен болу ларам.

Шен ненан мотт буьйцуш а, 1амош а, и бийца лууш волчу х1ораннан а дезде хилла д1ах1отта деза Нохчийн меттан де, дуьненан муьлххачу маь11ехь вайн къомах стаг вехаш велахь а.

Нохчийн мотт уггаре ширачарех цхьаъ хиларан тоьшалла до ширачу тептарша, вайн барта кхолларалло, генарчу хенийн дийцарша, турпаллаллин иллеша.

Нохчийн мотт-нохчийн къоман аз ду, къоман илли ду, къоман назма ю.

Муьлхха къоман уггаре коьрта билгало, иза кхечу къаьмнех къастош дерг, цуьнан ша-тайпалла гойтург мотт бу. Мотт – къоман культуран бух бу.

Кхолабеш, юха а
Белабеш б1аьргаш,

Йовхо лург хиллера

Адамаш кхетош-кхиорехь а ондда г1ирс бу мотт.

Нена матто 1амадо вай Даймохк беза, цо 1амадо вайна нохчийн оьзда г1иллакхаш, ламасташ, Цо 1амадо вай Дуьненан а, Адаман а хазалла йовза.

Диканехь я вуонехь

К1орггера ян воьлча

Эхь, иман я г1уллакх,

Хьекъал лург хиллера

7-чу классашкара дешархоша.

1. Нохчийн мотт! Муьлхачу меттанел и оьшуш бу?

Муьлхха а ирча дов ахь дерзош ду, муьлхха а паччахьца и бийца хьакъ бу.

Муьлхха а йо1 1ехош и мерза бу. Чов ерзош дагна и дарбане бу.

Муьлхха а б1аьрг белош забаре бу. Ц1е яхна поэташ цецбаьхна хилча, вайн меттан хазалла х1унда ца го вайна? Вуьззина къонахчо и буьйцуш хилча.

Бахалахь ненан мотт!

2. Хазачу вайн матто лайх эла во. Амма мел дарже кхачарх хир вац – кх лоруш хьо, хьо хилча сийсазбеш хьайн ненан мотт.

Бехийла ненан мотт, бехийла!

3. Къаьхьа хуьлий- дог лахьош, довха хуьлий – ц1е латош, ира хуьлий – г1ала еш, д1аьвше хуьлий – х1аллаквеш, къонах хуьлий – лар хьо веш, мостаг1 хуьлий – човхавеш. Бехийла ненан мотт!

4. Маьлхан дуьне къагадеш, баланех вай лар а деш, массо бер а ирсе деш!

Бехийла вайн ненан мотт!

5. Ненан маттахь илли ала, ненан маттахь ала дош, Везачу Дала совг1ат дина белла вайна нохчийн мотт.

Бийца а, 1амо а йиш йоццушехь халкъо вайн мотт ларбина, тахна 1амо йиш йоллушехь дастаме и лерина, Оццул хаза, аьхна, мерза кхечу маттах хийцина, дохку-те вай мотт бицбина пана махка каш лаха?

Бекалахь, ненан мотт!

6. Бахалахь! Хьекъалан, Кхетаман, кхиоран г1ирс болу Нохчийн мотт!

Вай х1нда д1атоьтту вайн ненан мотт? Х1ор дешан исс маь1на цо достуш хилча, д1а х1унда ца йоккху вай «лергара потт»? Везачу вай Дала совг1атна белла хилча, и совг1ат сийсаздан вайн бакъо юй?

Мила ву шайн реза ца хилла и кхечух хийцинарг? Алийша, вуй вайна юкъахь и тайпа стаг?

Шен йоцчу х1усамехь вахалой теша, мел веза-воккха хьаша веш т1еэцарх?

Шен цоцчу г1евлангахь муха кхета наб?

Муьлха мотт буьйцурбу бу вай г1енаха?

Ойла е, нохчо, ойла е!

Бехийла, даима бехийла Нохчийн мотт!

Нохчийн матто бехк баккхар. (Сценка)

«Х1ай сан къам, ма ч1ог1а хердели-кх хьо сох. Вала да воцуш бара со, йийца нана йоцуш бу со, вовшашка бийца юьхьк1ам боцуш бу те со?

Ма ч1ог1а дезаш т1еийцира ас шу, Дала шуна д1а а белла, шух къам дича.

Нохчийн къам со-м хьан бух бай, со-м хьан сий дай. Ларахь со! Ас тоьшалла до хьуна ас эзарза лорур м аду хьо!

– Х1ай, нана, нохчийн к1ентан а, йоь1ан а, нана! Со хё1унда эби ахь кхидолчу къаьмнийн меттанех, амалех ойланех? Суна ма лаьа, со эбина а боцуш, хьаьъна, шовда санна, ц1ена хила. Бийцахь со доьзале, бере, аганан г1овла лаций йовзийтахь хьайн берана сан хазалла, сан к1орге, бийцахь со бовха кхача а кечбина стоьлана го а бина хьайн бераш охьаховшийча».

Сан дайша бийцина, мерза нохчийн мотт, сайн берашна кхин а меттанаш 1амийта ма лаьа суна, уьш хьекъале а, ирсе а кхуьуьйла ма лаьа суна.

– Кхуьур ду хьуна хьан бераш кхидолу меттанаш довза а, 1амо а. Амма бераллехь сох марзо ца оьцуш, цхьа зама д1аяьлча, со шайх хербелча, хирий техьа сох шуна Ненан мотт?

Ойла ехьа, цуьнан, лераме Нохчийн нана! Ойла ехьа.

Хьомечу ненан мотт,

Б1ешерийн некъаш т1ехь

Ха хоьрцуш йог1учу

Ницкъ луо тхан дегнашна,

Тахконза дисинчу аганна;

Хьо хезчохь бисалахь

Ненан мотт мел безачунна;

Нохчийн къам мел деха цуьнца!

Йо1: Хьоме доттаг1ий! Цу т1ехь чекхдолу вайн цхьанакхетар.

1одика йойла шун, марша 1ойла!

Выберите книгу со скидкой:

Математика. Новый полный справочник школьника для подготовки к ЕГЭ

Дошкольная педагогика с основами методик воспитания и обучения. Учебник для вузов. Стандарт третьего поколения. 2-е изд.

Считаю и решаю: для детей 5-6 лет. Ч. 1, 2-е изд., испр. и перераб.

Начинаю считать: для детей 4-5 лет. Ч. 1, 2-е изд., испр. и перераб.

Считаю и решаю: для детей 5-6 лет. Ч. 2, 2-е изд., испр. и перераб.

Пишу буквы: для детей 5-6 лет. Ч. 2. 2-е изд, испр. и перераб.

Русско-английский словарик в картинках для начальной школы

ОГЭ. Литература. Новый полный справочник для подготовки к ОГЭ

ЕГЭ. Английский язык. Новый полный справочник для подготовки к ЕГЭ

Рисуем по клеточкам и точкам

ЕГЭ. Информатика. Новый полный справочник для подготовки к ЕГЭ

БОЛЕЕ 58 000 КНИГ И ШИРОКИЙ ВЫБОР КАНЦТОВАРОВ! ИНФОЛАВКА

Популярные записи